Şarkının sözleri aşağıdadır Къонаха , sanatçı - Тамила Сагаипова çeviriyle birlikte
Çevirili orijinal metin
Тамила Сагаипова
Ма дукха хьийзи хьо дай баьхна латта
Маршоне кхачорду хилламо бохуш
К1ант валлац Даймехка сий хилла г1атта
Наб кхетта вай дегнаш сама, а дохуш
Кхи довда, довла, а меттиг, а боцуш
Къизалло ше буйна 1оьвшийча вай
Бакъонтъехь ша хилар шеконехь доцуш
Хада ца дитийра, дахаран тай
Мила, а вацара синах дог диллал
Деза дукъ тъе лаца реза хинверг
Доьналам хьаха бац, хьен-хьена кхача
Къонах бе ца хуьлу цуьнан хам беш
Доьзал а, ше са, а терзане дуьлуш
Цо кхайкха ма дира Нохчочуьн ц1е
Кхиа, а даха а, вайна некъ буьлуш
Дуьне, а тоьшуьйтуш бакъ волчу шех
Даймехка дуьха цо ше са д1а делла
Лахийна, эшийна 1ожаллийн дохк
Адамийн дегнашчохь вац изза велла
Тоьшалла цхьаъ дукха хаз белла мохк
Докхачу ни1мате кхаьчна вайн тахна
Къонахчуьн некъ ларбеш къонаха го
Халкъ дезар, мохк безар ду цуьнан бахьна
Уьш мел бу гур ма дац, махкана во
Farklı dillerde şarkılar
Tüm dillere yüksek kaliteli çeviriler
İhtiyacınız olan metinleri saniyeler içinde bulun